
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь «АХМАТ» спецназехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехула.
Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.
Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Нохчийн Республикин Парламентан спикера М.Даудовс а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра А.Ирасхановс а, кхечара а дакъалаьцна лаамхой новкъабахарехь.
«АХМАТ» спецназехь а болуш, тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ: +7(925)661-77-77; +7(925)319-77-77; +7(925)328-77-77.