
ЗаьӀапхошна хӀусамашца кхачойаран болх дӀабахьарехь Нохчийн Республикина кхитӀе а гӀо дан лерина йу Россин Федерацин Правительство.
Премьер-министра Мишустин Михаила куьг а йаздеш, федерацин Правительствос тӀеэцначу Сацамехь билгалдолу иза.
Цуьнца а догӀуш, лакхахь хьахийнчу балхана хьажор а долуш, федерацин бюджетера кхитӀе а ахча лур ду вайн республикина — 1857542,3₽.