
Россин Федерацин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам Делимханов Шарип инарла-лейтенант ву хӀинца дуьйна.
Оцу хьокъехь долчу Указана куьг йаздина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru порталехь зорбатоьхна иза.
Цуьнца а догӀуш, Делимханов Шарипана йелларг тӀеман цӀе.