
Къоман проектан гурашкахь тобийр бу Соьлжа-ГӀалахь болу ДубинингӀеран вежарийн урам.
Иштта хаам бина Автомобилийн некъийн министерствос.
Цуьнан векалша билгалдаккхарехь, буьйцуш болу урам тобаран белхаш тӀедогӀучу 2024-чу шарахь дӀахьур болуш бу.
1,1 км йохалла йолчу оцу урамехь йу цӀейаххана йолу «Ингалсан гӀала».