
Москварчу ВДНХ-хь дӀахьочу Дуьненайукъарчу «Россия» гайтам-форумехь Нохчийн Республикин де билгалдоккхур ду.
Оцу хиламна къастийнарг карарчу беттан 10-гӀа де ду.
Цуьнан гурашкахь бовзуьйтур бу экономикин, промышленностан, туризман, инвестицийн, йуьртан бахаман дакъошкахь болу вайн мехкан кхиамаш.
Цул сов, нохчийн къоман историца а, культурица а доьзна хаарш а хир ду хьовсаршошна а, хьешашна а лерина.