С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин белхахоша ешархошна лерина экскурси йира Нохчийн Республикин Къоман музейхь. ТIекхуьучу чкъурана шайн мехкан, къоман истори йовзийтаран Iалашонца вовшахтоьхнера экскурси.
Музейн корматаллин экскурсоводаша дIаяьхьира иза. Цара берашна дийцира вайн къоман нохчийн духар схьадаларх лаьцна а, бIаьвнаш ярх лаьцна а. Нохчийн халкъан культурин хазна йовза таро хилира берийн. Къоман музейн экспонаташа гойтура нохчаша дахарехь дукха халонаш хьегна хилар. Вайн халкъан историна юкъахь шайн цIерш йитина болу турпалхой дагабахкийтира берашна. Музей чуьра массо а хIумане хазахетарца, церан хIораннан истори йовза лаам хиларца хьожура уьш. Ткъа берийн уггаре а чIогIа бIаьрг тIехIоьттинера аьнглех, дечигех, тIулгех, эчигех йиначу хIуманашна. КIентийн бIаьрг герзашна тIехь соьцура. Экспонаташка хьаьжна а ца Iаш, царах лаьцна шайна хаа луург а хоьттура бераша музейн экскурсоводашка.
Экскурсе даьхкинчу берашна юкъахь суьрташ дохкуш хазахеташ берш а бара. Уьш ойлане бехира художникан Бицераев Сайд-Хьусейнан суьрташа. Цуьнан хIора суьрте лерина хьаьвсира бераш.
Эскурси ерзош, бераша шайна хетарг яздира (в книге отзывов). Цара баркалла элира Къоман музейн белхахошна, шаьш дика тIелацарна а, шайга и тайпа, йицлур йоцу экскурси яйтарна а.
З.ЛОРСАНОВА
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо