
«Нохчийн кхача» проектан рогӀера дарс-цхьаьнакхетар Ш.Эдисултановн цӀарахчу Культурин цӀийнехь дӀадаьхьна.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна и мехала проект дӀахьош Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департамент йу.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс, Хаамийн а, зорбанан а департаментан директора Л.Музуровс, лакхахь хьахийнчу Культурин департаментан хьаькама М.Амаевас, «Грозный» НПТРК-н шеф-редактора Л.Арсалиевас.
ЦӀе «Нохчийн кхача» йелахь а, беккъа цхьа кхачанаш бовзийтина ца Ӏа цуьнан гурашкахь — къоман ламасташ а, гӀиллакхаш а довзуьйту оцу проектан гӀоьнца.
И проект кхочушйарехь жигара дакъалоцучу Юсупхаджиева Азас нохчийн кхачанаш кечбаран хьокъехь дийцира, хӀора а кхачанах боьзна чулацаме хаамаш бовзийтира.
Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан векалша билгалдоккху «Нохчийн кхача» проект кхочушйаран 4-гӀа шо хилар.