
Нохчийн Республикин Парламенто толлур ду Новр-ГӀала а, Эна-Хишка а гӀаланийн могӀаре йаккхаран гӀуллакх.
Кадыров Рамзана Парламентан спикер волчу Даудов Мохьмадна довзийтина оцу хьокъехь долу шен дӀадолор.
Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас тахана Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Цо билгал ма-даккхара, оцу декъехь белхаш барехь доккха зеделларг долуш йу Нохчийчоь.