
2024-чу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна гӀалин тӀегӀа долуш хир йу Ойсхар.
Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Ойсхар а, Лаха-Нойбоьра а, Лакха-Нойбоьра а вовшахтохарца кхуллуш йолу гӀала Гуьмсан кӀоштахь дӀатарлуш йу.
Нохчийн уггар йаккхийчу йарташлахь цхьаъ йолчу Ойсхарах гӀала йаран хьокъехь дӀадолор хьалхуо кховдийнарг Кадыров Рамзан вара.
Республикин Мехк-Ден тӀедилларца а догӀуш, и гӀуллакх хӀинцале а чекхдаьккхина мехкан Парламенто: меттигерчу бахархошлахь хаттам дӀабаьхьна, кехатийн бух кечбина, закон тӀеэцна, и.д.кх.а.