Лаьмнашкарчу 3 кӀоштана газаца кхачойаран декъехь жигара къахьоьгуш ду

«Газпром межрегионгаз Грозный» йукъараллин белхалоша жигара къахьоьгуш ду лаьмнашкарчу 3 кӀоштана газаца кхачойаран декъехь.

ХӀинца меттахӀоттош йолу ГаланчӀожан а, иштта, йолуш йолу Итон-Кхаьллан а, Шаран а кӀошташ йу йуьйцурш.

Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а, оцу йукъараллин керлачу куьйгалхочун Лечхаджиев Анваран а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Шаран кӀоштахь газаца кхачойарехь къаьсттина тидам Кенхи йуьртана тӀебахийтина бу, ткъа Итон-Кхаьллан кӀоштахь — Хьачара йуьртана.

МеттахӀоттош йолчу ГаланчӀожан кӀоштахь хьал мелла а къаьсташ ду — газ цигахь цкъа а хилла цахиларна, дийнна кӀоштахь дӀабахьа безаш бу и белхаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: