
Дуьненайукъарчу «Россия» гайтам-форумехь шен духарийн керла гулдар довзийтина модин Firdaws цӀийно.
«Безаман истори» цӀе йолу и гулдар башхачу кучамех а, прет-а-портех (божарийн а, зударийн а духарш) а лаьтташ йара.
Цул сов, циггахь довзийтира поэзин тӀамаршца кечдина йовлакхаш а.
И болх селхана дӀабаьхьна — ВДНХ-хь Нохчийн Республикин де билгалдаккхаран гурашкахь.