
1939-чу шеран бекарган 23-чохь ВаларгтӀехь дуьненчу ваьлла вара Давлетмирзаев МутӀелип.
Нохчийн халкъ махкахдаккхаран Ӏазап текхна а вара иза.
Амма, шогачу дахаран халонашна ца къарлуш, Казахстанан Кустанайхь чекхйаьккхира ишкол, Ленинградерчу театран институтехь а доьшуш цул тӀаьхьа.
1962-чу шарахь и институт чекх а йоккхуш бирзира вайн кегийрхой цӀа.
В.Шекспиран пьеси тӀехь хӀоттийна «Ромео и Джульетта» йара церан дипломан спектакль.
Оцу чолхечу спектаклехь воккхачу стеган Лоренцон васт кхуллуш хилла 23 шо кхаьчна Давлетмирзаев МутӀелип.
1965-чу шеран хӀутосурган 1-чохь «Бож-Ӏела» спектаклан премьерехь иза дуьххьара сцени тӀе волуш 27 шо дара актеран.
Хилла цуьнан репертуарехь Ӏаламат дукха кхин ролаш а; Кориолан, Ричард 3-гӀа, Леонардо, Ленин, Михаил Яровой, Мекхаш-Мирза, и.д.кх.а.
Делахь а, къеггина ша кхоьллина хилла Бож-Ӏелин васт ца дуьтуш, 60 шарахь къахьегна ву актер.
ГӀуран 10-чохь ВаларгтӀехь бакъдуьнена вирзина иза — РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутӀелип.
Дала гечдойла цунна!