Стеган дахарехь йоккха меттиг дIалоцу хаарша. Ткъа уьш ца хуьлу деша ца дешча. Цундела, чIогIа мехала ду школехь доьшуш долу бер юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дешарна марздар.
Тахана тайп-тайпана дуьйцу дешаран системех лаьцна. Дустарш даладо советийн дешарца. Бакъду, тахана дешаран системи юкъа дуккха а керла хIуманаш далийна.
Дешаран системехь хийцамаш 1990-чу шерашкахь Россехь «перестройка» хилча буьйлабелла. Схьаоьцур вай школин учебникаш. Уьш школашкахь тайп-тайпанчу авторийн хуьлу. Хьалха йоккхачу Советски Союзехь уьш цхьатера хуьлура. Цундела атта хуьлура хьехархошна дешархой Iамо а, церан хаарш талла а. Школин программица йолу литература – урокашкахь Iамайора, ткъа исбаьхьаллин литература ешар берашна тIедуьллура школера уьш цIа бахча. Пайдехь хуьлура берашца беш болу классал арахьара болх. Цигахь дуккха а керланиг девзара дешархошна. Берийн хаарш зуьйш дIахьора предметашкахула йолу олимпиадаш, конкурсаш, викторинаш, суьйренаш, цхьаьнакхетарш, и.дI.кх. Дика дIахIоттийна хуьлура ледара хаарш долчу берашца хьехархоша беш болу болх. Урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, и санна болчу дешархошца буьсура хьехархой. Церан берашца занятеш хуьлура. Дешарна тIаьхьа ца кхуьуш долу бер гуьйренна, я оцу классехь кхин а цхьана шарна дуьтура.
Дешарна тIехь бер йохье доккхуш йолу система а яра школашкахь дика болх беш. Цкъа а ца дицло суна Соьлжерчу юккъерчу школехь директор хиллачу Шахмурзаев Адама хаарш а, низам а лакхарчу тIегIан тIе даккхар Iалашо йолуш, юкъадалийна хилла керланиг. ХIора денна «дежурнеш» классаш чухула чекх а бовлуш, школе веанарг а, цIахь висинарг а тидаме оьцура, мах хадабора класса чохь долчу санитарни хьолан а, низаман а. ХIора классо яьхна баллаш вовшах а тухий, цуьнан жамIаш довзуьйтура кIира чекхдолуш еш йолчу «линейкехь». Цигахь кхайкхабора ледара дешархой, баркалла олура дика доьшучарна. Оцо берийн дог ир-кара хIоттадора. Школица гергарло ца дезаш берш а бохура йохье. Комсомолан а, пионерийн а организацеша вовшахтоьхна ондда болх хуьлура. Церан активийн заседанешка а кхойкхий, жигархоша шаьш къамел дора ледарчу дешархошца. Шайн нийсархоша дуьйцуш дерг дIалоцура бераша.
Деша ца лууш, харцахьа лелаш долу бераш цкъа а ца дуьтура цара дIатосий. Тайп-тайпанчу юкъараллин дахарна юкъа озийна ца Iаш, цхьацца жоьпаллин гIуллакхаш дохкура царна тIе.
Бераш Iалам лардан Iамор, къинхьегаме безам кхиор а дара шатайпа. БIаьста махка юхадоьрзучу олхазаршна дешархошка баннаш дайтар, синтарш дIадер, стоьмаш, хасстоьмаш лелор тIедуьллура хIора классана.
ХIуманна тIалам бан а Iамабора кхиазхой. Тиша эчиг, гул а дой, дIалора. Цунах боккха пайда хуьлура республикина. ЭттIа книгаш лата а йой, тIедогIучу чкъурана кечйора.
Тайп-тайпанчу хиламаша тIеIаткъам бинчу, дуккха а хIума хийцаделлачу дешаран а, кхетош-кхиоран декъехь, тахана вайн дозалла дан йиш ю уггаре коьртачу цхьана хIуманах – вайн бераш Исламан буха тIехь кхиош хиларх. Цкъа а ца хиллачу кепара дIахIоттийна школашкахь Исламан мехаллаш Iаморан болх. Лакхара дешаран заведенеш чекх а яьхна, кIорггера хаарш долу говзанчаш бу берашна дин хьоьхуш.
Дешаран системехь хиллачух а, долучух а дуккха а ду дийца. Цу юкъахь ду ЕГЭ-н зиэраш а. Тахана цунна гуонаха долучух тайп-тайпана дуьйцу. Цхьа а шеко яц, и экзаменаш берашка кхиамца дIаялийта, бераш Iамо дезаш хиларна т1ехь. Дика хир дара хьалхалерчу а, таханлерчу а мехалчу гIуллакхех пайда а оьцуш, дешар кхин а лакхарчу тIегIан тIе даьккхича.
Б.АМАЕВА
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо