«Россия» гайтам-форумехь Нохчийн Республикин де билгалдоккхур ду тахана

Москварчу ВДНХ-хь дӀахьочу Дуьненайукъарчу «Россия» гайтам-форумехь Нохчийн Республикин де билгалдоккхур ду тахана.

Цуьнан гурашкахь бовзуьйтур бу экономикин, промышленностан, туризман, инвестицийн, йуьртан бахаман, культурин дакъошкахь вайн мехкан болу кхиамаш.

Цул сов, нохчийн къоман историца а, культурица а доьзна хаарш а хир ду хьовсаршошна а, хьешашна а лерина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: