
Нохчийн маттахь йоьшучаьрца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекехь.
Цигахь дакъалецира Парламентан депутаташа, йаздархоша, кхоллараллин интеллигенцин векалша, НПУ-н а, НПХьУ-н а студенташа.
Нохчийн меттан шарна лерина а долуш, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхна дара и цхьаьнакхетар.
Нохчийн маттаца доьзнарг, иза хьехар, кегийрхошлахь иза баржор, и.д.кх.а гӀуллакхаш дийцаре дира цигахь.
Цул сов, С.Бадуевн цӀарахчу литературин конкурсан жамӀаш довзийтар а, толамхошна совгӀаташ а циггахь дӀадаьхьира.