«Публицистан трибуна» рубрикехь Хасмагомадов Эдильбека «Малхбузен демократин шалха стандарташ» статья тIехь йовзуьйту дуьненахь шен олалла чIагIдан гIертачу Iамарко а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а Украинехь а, бусалба пачхьалкхашкахь а дIахьочу харцполитика.
«Толаман – 70 шо» рубрикехь тIеман ветеранашна лерина ю «Цхьа а виц ца вина» (кечйинарг – Межиева Роза), «Иза селхана цIа ца веара тIамера» (автор – Гапаев Iабдул) статьяш а, Коваленко Владимира «Временно живой из погибшего поколения» шен дех лаьцна язйина очерк а, Абдулаева Тамилин байташ а.
Дешархоша хазахеташ йоьшур йолуш ю «Поэзи» а, «Проза» а рубрикашкара материалаш. Оццу рубрикашкахь евзар ю къоначу похIмийн кхолларалла а. «Дебют» рубрикехь евзар ю Абалаева Луизас язйина байташ.
«Юбилей» рубрикехь журнало 60 шо кхачарца декъалво «Орга» журналан коьрта редактор Минкаилов Эльбрус, Довлеткиреева Лидияс юбиляран кхолларалла а йовзуьйтуш. Циггахь деша йиш ю Эльбрусан «Дагахьбаллам» дийцар.
«Публицистика» рубрикехь А.Манкиевс язйина статья политологан, юкъараллин гIуллакххочун I.Авторхановн юкъараллехь хиллачу маьIнех лаьцна ю.
«…I.Авторханов – политикин Iилманийн доктор, оьрсийн, ингалсан, немцойн, франкойн, испанхойн, Iаьрбийн, чинийн, японхойн меттанашкахь зорба тоьхначу 300 сов публикацин автор ву, царна юкъахь 20 гергга книга а йолуш…», – яздо автора.
«Тхан интервью» рубрикехь Давлетмирзаев МутаIелипан дахарх а, цуьнан дахарехь театро дIалоцучу меттигах а, хьалхарчу ролах а, иштта кхиболчу а хаамех дерг девзар ду. Актеран дахарх а, кхоллараллах лаьцна хаа луучунна пайдехь интервью ю иза.
Журналан номерехь хиллачу материалийн авторех болу боцца хаамаш а, зорбанера яьлла керла книга а евзар ю дешархошна.
Л.ИБРАГИМОВА
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо
