Соьлжа-ГӀалин аэропортехула дӀасавахана 930 эзар сов пассажир

Карарчу шеран 11 баттахь 930 эзар сов пассажир дӀасавахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехула.

Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран Шаптукаев Рустаман къамелана тӀе а тевжаш, иштта хаам бинарг ТАСС агентство йу.

Цул сов, 2021-2022-чуй шерашкахь хилла терахьаш а довзийтина:
· 714 эзар пассажир — 2021-чу шарахь;
· 777 эзар пассажир — 2022-чу шарахь;
· 933 эзар пассажир — 2023-чу шарахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: