РФ-н Конституцин 30 шо кхачарца доьзна Кадыров Рамзанан декъалдар

Вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан хIора гражданинна уггаре а мехалчех цхьа деза де ду тахана — Россин Федерацин Конституцин 30 шо кхаьчна.

Оцу хена чохь Россих сийлахь-боккха мохк хилла, цкъа а цхьанхьа а хилла йоцчу санкцийн Iаткъаме хьаьжна ца Iаш иза кхиаран новкъа йоьдуш йу, дуьненайукъарчу политикин хьаьрмахь уггаре а нуьцкъалчарах цхьаъ хилла йуьсуш а йу.

Коьртачу декъана иза Россин Президентан Путин Владимиран инзаречу къинхьегаман жамI ду.

Вайн Даймехкан Коьрта закон Россин гражданаша шайн бакъонех а, маршонех а пайдаэцаран чIагIо йу.

Россин Федерацин Конституцис хIора субъектана таро ло шайн къоман ламасташ, гIиллакхаш, мотт, культура Iалашйан а, кхион а.

Оцу бакъонех буьззинчу барамехь пайда Нохчийн Республико а оьцу.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа чIогIа лууш вара нохчийн халкъан россихошна йеллачу бакъонийн а, маршонийн а йерриге а чIагIонаш хуьлийла.

Нохчийн халкъо къобалдеш дара цунна хеташ дерг, тIаккха шен харжам а бира 2003-чу шеран бекарг баттахь.

Ас хазахетарца дезачу денца декъалво РФ-н Президент Путин Владимир а, иштта, вайн мехкан бахархой а!


Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: