
ГӀой-Чуьрчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь схьадиллина кхачанан цӀа.
Дешархошца кхачанца кхачойан а, кхачанан сурсаташ Ӏалашдан а мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина цу чохь.
И болх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дӀабаьхьна бу.
Вайн мехкан Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис бина оцу хьокъехь хаам.
Цул сов, кхачанан цӀенна уллохь воркаутан майда а хӀоттийна.