Итон-Кхаьллан кӀоштарчу 4 йуьртана цӀераш тахкар РФ-н Премьер-министра а къобалдина

Итон-Кхаьллан кӀоштарчу йарташна цӀераш тахкар къобалдина Россин Федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, йуьйцург Кей а, Маьлхиста а, Гимара а, Никара а йу.

Цул сов, ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан гурашкара болх иза хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Ша ГаланчӀожан кӀошт а санна, и йиъ эвла а йу доккха маьӀна долуш нохчийн халкъана.

© Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан

Нохчийн Республикин Мехк-Ден тӀедилларца а догӀуш, йуьйцучу 4 эвлана цӀераш тахкаран хьокъехь дехар Нохчийн Республикин Парламенто динера.

* Нохчийн Республикин Терминологин комиссин сацам хиллалц кхачамбацарш хила тарло лакхахь йалийнчу цӀерашкахь

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: