
Селханлерчу шен дуьххьалдӀачу эфирехь бахархоша дина цхьа а хаттар жоп доцуш дуьтург цахилар хаийтина Кадыров Рамзана.
Telegram чуьрчу шен каналехь бина цо оцу хьокъехь хаам.
Царах хӀора а хаттарна жоп лур долуш ду. Коьртехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас а волуш, леррина комисси хир йу оцу декъехь къахьоьгуш. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад цуьнан гӀовс хир ву.
© Кадыров Рамзан