Кадыров Рамзан: Палестинерчу мухӀажарийн хьашташ кхочушдан аьтто бу вайн

Вайн махка баьхкинчу Палестинерчу мухӀажарийн хьашташ кхочушдан аьтто болуш йу республика.

Ша дӀайаьхьначу дуьххьалдӀачу эфирехь иштта дӀахьедар дина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, цкъа-делахь, оцу Ӏалашонца ларор болуш бу вайн мохк, шолгӀа-делахь, вайн къоман амалшца догӀуш а ду иза.

Царна а, вайн республикин бахархошна а оьшуш мел долу хьелаш кхолларехь къахьоьгур ду вай.

© Кадыров Рамзан

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: