
Масех доьзал чохь Ӏаш болу корпус йаьгна йу Соьлжа-ГӀалин БойсгӀаран кӀоштахь.
Шайн бала а бовзуьйтуш, оцу доьзалша видеодехар динера Кадыров Рамзана дӀахьочу дуьххьалдӀачу эфире.
И гӀуллакх сихонца чекхдоккхург а, царна гӀо-накъосталла дийриг хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Иштта, Соьлжа-ГӀалин мэран Кадыров Хас-Мохьмадан жоьпана тӀе а тевжаш, церан гӀуллакх хӀинццехь дуьйна кхочушдеш хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.