
Нохчийн мотт Ӏалашбаран, кхиоран декъехь дикка кхиамаш бу вайн махкахь.
Шен дуьххьалдӀачу эфирехь иштта дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин Ӏедал а, хьокъала доллу хьукматаш а оцу декъехь кхидӀа а къахьоьгур долуш йу.