Шайн белхан декхарш кхочушдарехь кхелхина журналисташ дагалаьцна Соьлжа-ГӀалахь

ГIуран беттан 15-чохь Россехь дагалоцу шайн корматаллин декхарш кхочушдеш кхелхина журналисташ. 1991-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш де ду иза.

Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови зала чохь и де билгалдаккха вовшахкхийтира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векалш а, журналисташ а, шайн корматаллин декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарнаш а. Царна йукъахь министр Дудаев Ахьмад а, цуьнан гӀовсаш а, кхиберш а бара.

Шен къамелехь Дудаев Ахьмада билгалдаккхарехь, белхан декхарш кхочушдеш 100 сов журналист кхелхина Нохчийчохь, шайх 26 журналист вайн республикин хаамийн гIирсашкахь болх бина а волуш.

Шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарчарна мехала совгIаташ дира министра къамел дина ваьллачул тӀаьхьа.

КхидӀа Журналистийн сквере бахара уьш.

Цигахь, декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналисташна хIоттийнчу хIолламна хьалха зезагаш дехкира министра а, журналисташа а.

Иштта, кхелхинчу журналисташна гечдар а, уьш декъалбар а доьхуш АллахӀе, доIа а дира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: