Iадхьокху пондарча

IMG-20150204-WA0016

Школе деша вахале Iемина Кусариев Мурадана Iад хьокху пондар лакха. 2005-чу шеран 1-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь дуьнентIе ваьлла Мурад,  2010-чу шарахь дуьйна вайн махкахь дIахьош йолчу ерриге а фестивалашкахь, конкурсашкахь, хьажаршкахь дакъалоцуш ву. Цуьнан да Арсен ву Соьлжа-ГIаларчу берийн кхоллараллин цIийнехь болх беш. Вайнехан берашна халкъан мукъамийн гIирсаш Iамош ву иза. Цундела наггахь цIахь, балхана кечамбеш, и гIирсаш каралацар нислора. Кога вахале Мурадан чIогIа самукъадолура пондарийн зевне аьзнаш шена хезча.  Кехат-пондар, дечиг-пондар, Iад хьокху пондар, шедаг, иштта кхиболу мукъамийн гIирсаш кхеран цIахь болуш бу. Дукха жимчохь Мурада къастийнарг Iад хьокху пондар бара. Цкъа хьалха, дас, тергал ца веш, Iадвитина вара кIант, хIокхо лелораш берийн ловзарш хеташ. Амма, Мурадан ойла баккъал Iад хьокхучу пондарна тIейирзиний хиъча, говзалла шаръялийта гIо-накъосталла деш, кIант  ша Iуналла дечу берийн тобана юкъа дIаэцна Арсена.

2012-чу шарахь  Соьлжа-ГIаларчу мэрин Культурин департаменто «Халкъан  мукъамаш» цIе йолу конкурс дакхайкхийра. ВорхI шо кхачаза вара Мурад цигахь хьалхара меттиг йоккхуш. Оццу шарахь дара, хIора шарахь вайн махкахь дIахьош йолчу Димин Iумаран цIарах йолчу республикин музыкальни  конкурсехь Кусариев Мурада хьалхара меттиг яьккхича. 2013-чу шарахь кхин цхьаъ берийн конкурс кхайкхийра Соьлжа-ГIаларчу мэрин Культурин департаменто «Зевне нота» цIе йолуш. Цигахь хьалхара меттиг яьккхира вайн турпалхочо. Ма-дарра дийцича, 2013-гIа шо Iаламат беркате деара къоначу пондарчина. ХIора шарахь вайн махкахь дIахьош йолчу Димин Iумаран цIарах йолчу пондарчийн конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира цо. Шахбулатов Iаднанан цIарахчу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира. Ткъа уггаре а коьртаниг «Халкъийн аьзнаш» цIе йолчу ерригроссин конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина, цу конкурсан дипломант вайн къона махкахо хилар дара. 2014-чу шарахь Нажи-Юьртахь дIаяьхьира «Лаьмнийн аз» цIе йолу республикин конкурс. Вайн регионерчу массо а кIоштара пондарчаш бара цига гулбелла. Делахь а, даима санна, хьалхара меттиг Кусариев Мурада яьккхира. Мукъамийн хьаьрмахь кIанта баьхна кхиамаш вай багар бар, данне дац, цуьнан къоначу дахарехь Iад хьокху пондар бен кхин хIумма а  дац бохург. Иза кхиамца доьшуш ву Соьлжа-ГIаларчу №37 йолчу юккъерчу школехь. Кху шарахь цхьа а «кхоъ» доцуш пхоьалгIачу классе ваьлла. Бакъду, аьхкенан каникулаш яра аьлла, кхечу берийн санна мукъа Iан йиш-м ца хуьлу Мурадан. Карарчу – 2015-чу шарахь – къона артист ларийна Соьлжа-ГIаларчу мэрин культурин департаменто дIаяьхьначу «Я – талант» цIе йолчу конкурсехь дакъалаьцна,  цигахь хьалхара меттиг яккха. ХIинца иза  кечлуш ву август беттан  хьалхарчу деношкахь Нажи-Юьртахь дIахьон йолчу «Лаьмнийн аз» цIе йолчу конкурсана. Тхо тешна ду къоначу пондарчас Кусариев Мурада цигахь, даима санна, хьалхара меттиг йоккхург хиларх.

ГАЗИЕВА Аза

 № 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: