Кадыров Рамзан: Бизнесца кхиорца доьзна Путин Владимиран дӀахьедар сайн тергоне эцна ас

Чекхдолучу 2023-чу шеран жамӀаш а деш, дуьххьалдӀа эфир дӀайаьхьна тахана Россин Федерацин Президента Путин Владимира.

Цуьнан гурашкахь регионашкахь жима бизнес кхиоран гӀуллакх а айъира цо:

Регионийн куьйгалхошка боху ас: регионашкара брендаш кхиаран гӀуллакхна терго а, оьшшуш долу гӀо а дан деза.

И дӀахьедар ша тергоне эцна хилар хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Telegram чуьрчу шен каналехь цо билгал ма-даккхара, жима а, йуккъера а бизнес кхиийтаран декъехь дуккха а гӀуллакхаш кхочушдеш ду Нохчийн Республикехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: