
Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министра Черхигов Рамзана бовзийтина улхан зӀе латторан операторша 2023-чу шарахь вайн махкахь бина белхаш.
Цо бинчу хаамца а догӀуш, хьал иштта нислуш ду:
➜ МегаФон ➤ керла 56 станци хӀоттийна, 73 станци тойина;
➜ ВымпелКом (билайн) ➤ керла 19 станци хӀоттийна, 114 станци 4G-н лехамашка йаьккхина;
➜ МТС ➤ керла 3 станци хӀоттийна;
➜ Вайнах Телеком (ВТК) ➤ Курчалойн а, Веданан а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кӀошташкарчу йарташка улхан зӀе йигаран декъехь къахьегна.
Цул сов, ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан декъерчу белхийн гурашкахь цига (ГаланчӀож йуьрта кхаччалц) оптикин хьаса бигар (83 км) а, антенан-мачтин бӀогӀам хӀоттор а хаийтина цо.
И белхаш а «Вайнах Телеком» компанис дӀабаьхьна.