
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, Шуьйтан кӀоштарчу Хьорсане ток йигаран белхаш дӀахьур бу «Чеченэнергос».
Оцу Ӏалашоне кхача 22 км гергга серий тийса а, 100 кВА нуьцкъаллин 2 трансформатор хӀотто а йезар йу.
Цул сов, лерринчу техниках пайдаэца а безар бу и белхаш дӀабахьарехь.
«Чеченэнергон» урхалдаран директора Кадиров Ӏийсас а, Шуьйтан кӀоштан префекта Акаев Руслана а теллина бӀогӀамаш догӀаран меттигаш.
Цара билгал ма-даккхара, и белхаш дӀабахьарехь гӀо-накъосталла деш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд а хир йу.
Шайн йуьрта ток йалайе аьлла, Хьорсанерчу бахархоша Кадыров Рамзане хӀокху деношкахь дехар дина хилар билгалдаккха догӀу.