Палестинин дозанехь дӀахьош хилла болх дӀаберзийна Россин ЧХьМ-с

Россин чолхечу хьелийн министерствос Палестинин дозанехь дӀахьош хилла болх дӀабирзина.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, 46 дийнахь дӀабаьхьначу оцу белхан гурашкахь ГӀаззера араваьккхинарг 1 124 стаг ву, шайн могӀарера 471 стаг кхечу мехкийн вахархо а волуш.

Цигахь къахьоьгуш хилла Россин ЧХьМ-н белхахой мисархойн махкара цӀабоьрзур бу хӀинца.

Цаьрца цхьаьна Россе схьавалор ву тӀаьххьара кӀелхьарваьккхина 73 стаг а.

Россин Президентан Путин Владимиран тӀедиллар кхочуш а деш, цигахь къахьегначу Россин ЧХьМ-н куьйгалхочун хьехамчин Д.Мартыновна а, Россин ЧХьМ-н НР-ла йолчу Коьртачу урхаллин хьаькамна Ӏ.Цакаевна а баркалла аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: