
Устрада-ГӀалахь йолу физически а, реабилитацин а медицинин инновацийн ICFIRM туш Россин Къилбехь а тоьллачарах йу.
Россин могашалла Ӏалашйаран министерствон Реабилитацин а, куруртологин а талламийн декъерчу Къоман медицинин туьшан (НМИЦ РК) декхарш ханна кхочушдечу Фесюн Анатолийс билгалдаьккхина иза.
Москвахь цуьнца цхьаьнакхетар хилла Нохчийн Республикин ТФОМС-н директоран хьалхарчу гӀовсан Садулаев Лом-Ӏелин.
Циггахь дакъалоцуш ICFIRM-н директор Эниев Сулиман а вара.
Устрада-ГӀаларчу ICFIRM-на оьшуш болу говзанчаш (ЛФК-лор, невролог, физиотерапевт, и.д.кх.а.) НМИЦ РК-н ординатурин буха тӀехь кечбан барт хилла церан.