
Нохчийн Республикин бакъонаш ларйаран органийн кхелхинчу белхахойн берашна лерина гӀоьналлин акци дӀахьур йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
И мехала гӀуллакх дӀадахьарца доьзнарг Нохчийн Республикин физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министран хьалхарчу гӀовсан Кадыров Ахьмадан дӀадолор ду.
Республикин йукъараллин «Турпалхой» боламо дӀахьур бу «Грозный Молл» туьшахь и гӀуллакх вовшахтохаран болх.
Цара билгал ма-даккхара, оцу акцин гурашкахь кечйина хир йу берашна лерина йоккха программа.