
Тинькофф Мобайл операторо а шен болх дӀаболийна Нохчийчохь.
Республикин бахархойн улхан зӀеца доьзна хьашташ кхочушдарехь къахьоьгур ду цо а.
Къилбаседе-Кавказан ФО-н кхийолчу субъекташкахь а санна, Нохчийчохь а цо МТС-н инфраструктурин буха тӀехь бийр бу болх.
Оцу операторо шен болх дӀаболийнчу Россин субъектех 73-гӀа йу вайн республика.