
Инвестицеш йукъайалоран а, совдегаралла кхиоран а жамӀаш дика ду Гуьмсан кӀоштахь.
Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима Гуьмсехь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Ма-дарра аьлча, жимачу йуккъерчу совдегараллах пайдаоьцуш болу меттигера бахархой 8%-на алсамбевлла.
Кхин а дика хьал ду инвестицеш йукъайалоран декъехь — даханчу шарца дуьстича, церан барам 30%-на алсамбаьлла хилар гучудолу.
И барам ахчане баьккхича нисло 4,8 млрд ₽.