2024-чу шеран харжамашна тергамбаран Йукъараллин штабан хьалхара кхеташо дӀайаьхьна

Нохчийн Республикин Йукъараллин палатехь дӀайаьхьна Харжамашна тергамбаран Йукъараллин штабан хьалхара кхеташо.

Циггахь билгалдаьлла штабана куьйгалла деш мила хир ву а — и болх шех тешийнарг Денильханов ИсмаьӀал ву.

Йукъараллин штабан хьокъехь аьлча, харжамийн бакъонийн декъера говзанчаш а, йукъараллин гӀуллакххой а, ШХГӀ-н векалш а бу цунна йукъабогӀуш.

ТӀедогӀучу 2024-чу шарахь Россехь дӀахьур болчу харжамашна тергамбаран декъехь къахьоьгур ду цара.

Цул сов, горга стоьлаш а дӀахьур йу, 1 500 сов йукъараллин тергамхо а кечвийр ву.

Иштта, харжамийн каппашна онлайн-тергойаран туш а кхуллур йу.

Оцу балхана оьшуш йолу камерш харжамийн 290 куьпахь хӀиттор ду церан Ӏалашонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: