Хьан сирлачу ойланийн некъашца

pict_5ecbcdcc62164c6e8d8cfcaf115e388dТамашийна кхоллам болуш  йоI хиллера Малика… .                                                                                      ХIоразза а, шен дахаран ойла еш, цхьацца керланиг девза цунна. Тахана а шайн бешахь дакъаделла асарш, кондарш гулъеш, ягош йоллучу цо ойла йо шен а, ша санначу нохчийн зударийн а:                                                                                        Муьлххачу а къоман зудчунна санна, шайн къонахийн букъ тIехьа, кIезиг гIора долу зуда хила лаарх чекх ца долу нохчийн зудчун. Иза къонаха хила ца езаш зама ца еана цуьнан къоманна. ДIалистича а, схьалистича а евзаш гIараяьлларг Дадин Айбика, Iамаран Заза, Iапин Жаьнсика, церан могIарера кхин масех а бен яцахь а, церан хьуьнар, доьналла гайта дезна нохчийн зудчун муьлххачу а хенахь. Доллучул а халахетарг ду, Шемалан заманахь дуьйна а, цул хьалха-тIаьхьа а къоманна тIебеана бала а, тIом а нохчийн зударийн белшаш тIехь чекхбалар а, цул тIаьхьа гучубовлучу «къонахаша» къоман дахар дIахIотторан некъ юха а зударшна тIера дIаболош хилар а. Хаац, баккъал а шайн къоман зуда, нана, йиша, йоI вайн къонахашна дахаран цхьана заманчохь шайга нийссачу сийлаллехь хетар а, зама хийцаелча, иза гIорасиз хила лаарца хийцар а церан амалан цхьа дакъа хир ду-кх.  Бакъдерг аьлча, нохчийн зударша-м дозалла дан догIура, къоман кхоллам царах боьзна хиларна, делахь а  халахетар кхоллало-кх цхьацца кIезиг хета хIуманаш дукха чолхе дахарна, ткъа баккъал а къоман юьхь гойтурш беламе ларарна. Вовшахъийначу ойланийн юьхь карон гIерташ, шен дахар луьсту Маликас.                                                                                                                                   Казахстанера цIадирзина иттех шо далале цхьана хорша дижира къоман дахар. Я иштта хетта хир ду-кх къоначарна, шайн дай-нанойн а, баккхийчеран а лазам ма-барра цабовзарна. Ткъа царна а гIоле хетта хир ду-кх шайн лазамах къоначарна хорам ца бан и дицдала хьовсар.                                     Школехь буьйцучу оьрсийн къоман турпалхойх тера хила лаьара хьалакхуьучу кегийрхошна. Шайн къоман турпалхой хила а ца хилла-те, боху ойла церан коьрта чу а ца йоуьйтура. Нагахь и ойла йинарг нислахь, иза я «диссидент», я «къоман мостагI» лорура. Ишттачаьрца даррехь беш тIом бацахь а, церан лехамаш, лаамаш, ойланаш, гIуллакхаш чекх ца довлуьйту дуьхьалонаш карайора. Ишта а чехкачу амалца къаьсташ долчу къоманна юккъехь карабора харцонаш ца ловш, къийсаме бовлурш, бакъду Iедалера царна дан таIзар тIаьхьа ца тоттура, карадора  и кхочуш дан куьйгаш а.                                                                                                                                     …Цхьабосса дуккха а болчарах къаьсташ вара Мохьмад-Селахь. Набахти неIарна тIехьа иза сацор гIоле хетара хIетахьлерчу Iедална. Цунах шен къоманна бер болу пайдий, дика болххий ган лууш стаг цахилар сов, иза кхераме вара оцу заманан дIахIоттамна. Юьхьанца дуьйна а хууш дара, иза паргIат витахь, нохчийн къоман меттан а, цуьнан Iилма кхиаран а къардайна вацархо цунах хирг хилар. Иза ца догIура СССР-н дерриге а къамнех советан къам дан а, оцу къаьмнийн кхиамех советийн юкъара кхиамаш бан а Iалашо хиллачу советан Iедалан идеологица. Цуьнца къийса ницкъаш кIезиг бара. Къийса-м, дуьйцийла а яцара, кхечу агIор ойла хилар а дацара магош. Дала ма-лоьхху, доккха бахьана карийра Мохьмад-Селахь шена деза хетачух дIакъасто. Амма цуьнан ойла хьаша а, шена хетачунна тIера и ваккха а ницкъ-м бацара… . Цхьатерра дIаоьхучу набахтин денойн серло хилира Малика йовзар. Мохьмад-Селахьца цхьаьна набахтин чохь воллучу шен девешига кехат яздеш, шен байташ а яхьийтира йоIа, ткъа цо уьш Мохьмад-Селахьна гайтира. Дагахь а доцуш, цавевзачуьнгара кехат деара йоIе. Цуьнга дуьхьал яздинчу кехатах Мохьмад-Селахьан юха а ваха луун ницкъ тоарна хьост а, Маликин дахар кхечу тIегIанна тIедоккху юьхь а хилира. «Цхьа кIоргераойланаш кхуллу байташ яцара уьш, – дуьйцу Маликас, – жималлин гIиллакхехь ма-хиллара, эцца цхьа сизаш хьоькхура ас. Вуьшта, цу хенахь кегийрхошна чIогIа лаьара артистийн дахар довза а, царах тера хила а, гулдора церан суьрташ, царах лаьцна хаамаш. Зудаберех наггахь а хир яцара церан корматаллин некъ бовза цалуург. Иштта ойла яра сан а. Суна чIогIа хазахетара Эльмурзаева Розин аз. Жималлин ма-хиллара, сайга хIуъа а далур ду аьлла, ойла яра, соьга кхочушбалур болуш дукха баккхий хиламаш бу соьга хьоьжуш лаьтташ, аьлла а хетара».

Нажи-Юьрта районерчу Даттахерчу школин дешархо йолчу Маликина кхин даккхий хIуманаш ца хаахь а, да-нана шех артист хилийта реза хир доцийла хаьара. Цундела хаьржира цо хьехархочун некъ.                                                                           Талла таро яц Делан къайленаш, йиш яц уьш йовза. Замано билггал тача дуьту церан, тIаккха кхуьу-кх, хенан йохалла, ойланашца царна тIаьхьа. Иштта нисделира Маликин а, Мохьмад-Селахьан а дахарехь. Цхьа кIеззигчу хIуманна тIера дIадоладелла, кхеран дахаран дохалле делира вовшашка кехаташ яздар. Шерашца дуьстича, Мохьмад-Селахьан-м уьш дукха а ца хилира. Иза кхелхинчул тIаьхьа а, ткъех шарахь сов кест-кеста деша а доьшуш, царах ирс-марзо эцар а, дагаялар а хуьлура Маликин. Жимма шекъа басдалар бен, церан йовхо шелъелла ца хаалора, дагна синтем хуьлура цаьрца цхьа йисича. Бакъду Мохьмад-Селахь шозза вала кхоьллина хиллера Маликин дахарехь. Дуьххьарлера тIом чубеача, къацахетарийн кара долхахь а аьлла, цуьнан кехаташ дагийра кхуо.  Дагах цхьацца дакъа а доккхуш, иза цIе марсаяккха кехаташна буха а дуьллуш, ткъе шина шарахь йоI бIаьрг санна ларйина Мохьмад-Селахьан ойланаш, цуьнан дешнаш, башха къамелаш иштта чим хилла дагон дезаро йиш йохийна ца Iаш, цомгаш йира хIара. ЦIаро шен сутарчу кийрахь къайладаккхале, юх-юха а доьшуш, наггахь бIаьргех лешачу хишца елакъажар довш, цхьа боккха, хала болх бира кхуо. Эххар а тIаьххьарниг къайладаларца, аз доцучу маьхьарца орца дохуш, карара хецаелла, бух боцчу бердах яхна башха хазна яйнарг санна, куьйгаш лехна, ладоьгIуш дикка Iийра кхерчан йистехь. ТIаккха, иштта хилла хир бу-кх церан кхоллам аьлла, шен са юхатоьхна, хIинцачул а дасаделла хетачу дуьнене хьежа елира. Кехаташ даьгна девлира.  Бакъду, церан массо а дош, хьаьрк, сиз дагара ца даьлла тахана а. «Конверта чу алсам хоийта, гуонахара сов йистош дIахададой хуьлура цуьнан кехат, – дагалоьцу Маликас, – ткъа «в клетку» кехатан цхьана могIанан шина сизаца яздора. Дийнахь ши кехат догIуш меттиг а нислора. Сан галадаьлларг нисдан лаьара цунна. ЧIогIа собаре хьехархо а, хьехамча а вара иза. Цуьнгара дуьххьара девзира суна «исповедь» боху дош».                                                                                                                        Шен ойланийн векал Мохьмад-Селахьа шех хIунда йинера хаац Маликина тахана а, амма церга балда а лаьцна, маттана догІа а тоьхна, лозучу дагна доккха са даьккхина а дагара хоуьйтур доцу тешаме доттагI Малика хилар цхьа а шеко яцара. Маликас, «цхьа сизаш хьекхар бен, кхин дIогара хIума дацара ас дийриг-м» – бахахь а, Мохьмад-Селахь ма вацара тIехлурчу варкъах Iехалур волуш, цунна карийнера Маликехь шен даго лоьхург. Цул сов, Мохьмад-Селахьна чIогIа лаьара, нохчийн къомах йолу йоI дешна а, поэтически дашна говза а хуьлийла. Цу дуьхьа реза вара, набахтехь валлахь а, хIора дийнахь хила дезарг Маликина хьеха. Жоп ца яздеш Iен а, яздан а эхь хеташ, ши-кхо кехат деача жоп лора Маликас. Ткъа Мохьмад-Селахьна дика девзара Маликера хьал, цундела цо цкъа а бехк ца боккхура жоп доцуш дисинчух. ЦIера бахале хьалха а, цул тIаьхьа а вовшашна дика бевзара чуьрчирзахой а, даьттахой а. Казахстанехь йинчу Маликин ден хеннара я цул воккха а хила там бара Мохьмад-Селахь. «Сан шерийн кIезгаллера, ханна дукха воккха хетара Мохьмад-Селахь, – дагалоьцу Маликас, –  амма ойланаш къона яра цуьнан. Ткъа тхойшиннан кехаташ дIасадаха девлча, и-м кхин воккха а ма ца хилла аьлла, хеташ зама а яра. Наггахь шен дог доьллуш хIума Мохьмад-Селахьа яздича а, цхьа сихаллехь, я оцу кехатан чулацам ца бевзачух жоп лора ас, ца луш меттиг а нислора. Цуьнга йийца сайн бераллин ойланаш бен йоцучу ас хIун дог Iехор дара цуьнан, амма тхойшиннан зIе хедийла-м ца лаьара суна. Иза дийна волуш, сан дахаран цхьа бIаьрла меттиг йоьзнера цунах, ткъа дIакхелхинчул тIаьхьа суна дисира цуьнан куьйгайозанаш, кехаташ, цул тIаьхьа сан дахар дуьзира  царах…».                                                                                                                              «Набахтехь кхетта, муьлхха а могашниг кIелвуьтуш долчу цамгарна тIехь цхьана ханна толам баккха ницкъ тоьира Мохьмад-Селахьна. Цо ша даре деш ма-хиллара, Малика йовзар бахьана хилира цуьнан дахаран денош кхин а деа-пхеа шаре довлар. «Дахар дIахIотторан ойланаш яккхий яра Мохьмад-Селахьан, – дагалоьцу Маликас, – цхьа а доьзалхо воцучу цуьнан ден шичи кертахь цунна къастийна цIа дара. Цо хийлазза а яздинера оцу цIийнах лаьцна. Цуьнан тийналлехь листа езаш стигланех, седарчех, хих, хIордех,  адамех лаьцна дуккха а ойланаш яра цуьнан. Уьш кхочушъярехь со а шен накъост гора цунна. Тхан цхьаьнакхетар нисделча, Мохьмад-Селахьан юьхьдуьхьал хьажа эхь хеташ, охьатаьIIий ладугIуш хуьлура со. Цунна чIогIа лаьара ас сайн ойланаш шеца йоькъийла а, хетарг, ийза ца луш, олийла а, къамелехь парггIат хуьлийла а. Со айа а, сох адам дан а ойла яра цуьнан. Цхьа а шеко яцара цуьнан  со декъалъян, ирсе ян шена ницкъ тоьург хиларх…».                                                                                                                     Кхеран юьртара а, луларчу ярташкара а дуккха а адамаш даьхкинера Мохьмад-Селахь набахтера цIа веанче. Суьрта тIехь гарх бен йоI евзаш воцучу Мохьмад-Селахьа ша тиллинчу цIарца могаш-паргIат хаьттира кхуьнга. Гуонахарчарна тидамза дисинехь а, я кхуьнан бакъйолу цIе цайовзар леринехь а, тIейолчу ханна Малика йисира йоьIан цIе. Ткъа Маликас Мохьмад-Селахье яздинчу кехаташкахь а, кхидIа йолчу заманна йоьIан дахарехь Мурид хилла висира иза а. Маликин дахарехь некъгойтург хила зама ца тоьъна, амма шен ойланашкахь хIара хийла дагаяьлла а, иза реза хир вара аьлла хетачу агIор кхуо харжам бина а волу.

Мохьмад-Селахьан тезетахь, цо шен хиндолчу дахаран теш лаьцначу цIийнан массо а соне хьоьжуш, Iодика йира Маликас хила мегначу, рицкъа  ца хиллачу ирсан. Ткъа цул тIаьхьа, цул тIаьхьа тIаусан башхачу месех лепачу ирсан лар генара а ца гира…                                                                                                                                                                                                                                                               «Наггахь шен байтийн истори йийца лаам хуьлура Мохьмад-Селахьан,– дагалоьцу Маликас, – дуьххьара  лаьцна  чохь воллуш, ялх шо даьлла хиллера цунна маьлхан серло газа. Эххар а тхевнах цхьа серло хааеллера. Херонах чукхеттачу маьлхан зIаьнаро диттан гIан сибат гайтарна, арахь бIаьсте яьллийла хиънера цунна. Оцу хиламан тIеIаткъамца кхоллаеллера «ов, чов, дов, лов» доца дешнаш юккъехь долу  цуьнан «Даймахке сатийсар»…

Шен ах дахар набахтехь даккха кхоллам хиллачу Мохьмад-Селахьна тоьпаш тоха кхиэл кхайкхийначу хенахь, луларчу камера чохь, изза кхиэл кхайкхинчу жимачу стеган велхар хезнера. Наштар куршка пенах тоьхна, шега ладоьгIначу жимачу стеган са паргIат даккха дешнаш карийнера цунна: «Хила дезачу хIуманна хьо вуоха ма вуоха. Дуохарх хийцамаш хилац-кха вайна. Кхоьллинчун карахь ду вайн дахар-далар. Iазапах валарах синтеме хила хьо». ШолгIачу дийнахь шега ара кхайкхича: «ХIинца-м хенахь а дацара…», – ойла кхоллаеллера цуьнан.                                                                                                       Делан къинхетам хьалха баларна, вайн яздархойн дехаршна  жоп луш, бехказа витира иза.                                                                                                      Муьлххачу къомах велахь а адамашца гергарло таса а, лело а хууш хилла Мохьмад-Селахь. «Цуьнца чохь баьхкинчу кхечу къаьмнех болчу тутмакхаша яздина цхьа чамда кехаташ дара цуьнан Iалашдеш, царах цхьадерш ас а дешна, – дагалоьцу Маликас, – жIаьло жIаьла дуучохь, шаьш адамаллин сибатех ца духуш, чекхдовла масал гайтарна, собаре хила Iаморна, керлачу новкъа дахарна баркаллаш бохуш яздина дара уьш».                                                                                                    Доккхачу доьналлин да вара Мохьмад-Селахь. Набахтехь операци ян езар тIехIоьттича, наркозна дуьхьало йинера цо, цхьа хаза йоI хIоттае шена дуьхьал, наркоз ма ло шена, аьлла. Оцу операцин ачо яра цуьнан лазар чIагIдинарг а, цIа веана дукха хан ялале Iожаллин метта иза виллинарг а. Ишттачу доьналлица цхьаьна яра Мохьмад-Селахьца лаккхара нохчалла, оьздангаллех, гIиллакхах вуьззина хилар, нохчийн меттан говзалла, шен халкъана ваца лаар, цуьнан паргIатонна, маршонна дахар дIадала кийча хилар, харцонна тоха собар  цахилар.

Даггара дохковаларан ойланаш йора цо, собар къевлина дуьрста малъялар бахьана долуш, шегара яьллачу ледарлонах адам кхалхарна ша бехке хиларна. Хьарамчу ойланца шегара и цадаларна, Дала шена гечдийр дац техьа, боху сатийсам а кхобура цо. Ткъа валарх, шен оьмарехь хийлазза а тIехIоьттинчу оцу киртигах озалуш вацара иза, амма, амма Маликица йоьзна ойланаш латто хьулъяр кIезиг Iовжам цунна а бацара.                                                                                                    Мохьмад-Селахьан ойланаш латто ма хуьлъярра, цул тIаьхьа дисинчу дахаран ойланаш хьулйира Маликас а. 40 шо сов хан яьлча а, Мохьмад-Селахьа дуьненна букъ тоьхначу дийнахь охьадиллина дахар кхин дош хетта хьалаэцаза ю иза. Яла-м ца елла, хан цакхачарна. Са а хилла, са а дайна. Деденоша а, шо шераша а хийцина. Цхьана ханна Нажи-Юьрта боьдучу новкъа гIаш яхарх марзо эцна, оцу новкъахь ду Мохьмад-Селахь дIавоьллина кешнаш. Ша цунна гуш хиларх хийлазза а тешна, цуьнга юьхь дуьхьал ца олуш къевлинарг а дийцина. Цул тIаьхьа да-нана, гергарнаш, кегийнаш, баккхийнаш луьста дIаэхарна Мохьмад-Селахьна тIехIоттарх а бехк лаьцна сецна, амма «цхьа сизаш» ца хьоькхуш Iац ойланаш хІинца  а:                                                                       ДIаихна хийла а денош,

Цара вай хенара ди…

Хьан сирлачу ойланийн некъашца,

Хьан хене йиллалца еха со…                                                                                                              

Т.САРАЛИЕВА 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: