
Эна-Хишкахь схьайиллина ДегӀан йозалла нисйаран туш.
Цигарчу «Серноводск-Кавказский» санаторин кертахь дӀатарйина иза.
Туш схьайелларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс йолчу Кадырова Хутмата.
Цо билгал ма-даккхара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан гӀоьнца дӀабаьхьна туш кхолларан белхаш.
ХӀинца иза керла, кхузаманахьлера туш йу, къахьоьгуш Россехь а цӀейаххана говзанчаш а болуш, дархошна кхоьллина мел оьшу хьелаш а долуш.