Палестинерчу мухӀажарийн рогӀера тоба а кхаьчна Нохчийчу

ГӀаззерчу мухӀажарийн рогӀера тоба схьакхаьчна Нохчийчу.

18 стагах лаьтташ йу таханлера и керла тоба.

Кхарал хьалха схьа а валийна (5 тобанца), вайн махкахь хӀинцале а дӀатарвинарг 177 мухӀажар вара.

ХӀинца, кхеташ ма-хиллара, 6-чу тобанера 18 стаг а тӀекхетар ву царна.

Соьлжа-ГӀалин цӀерпоштнекъан вокзалехь уьш тӀелецира ЧХьМ-н а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан а, кхийолчу хьукматийн а векалша.

КхидӀа, лоьрашка церан могашаллаш а таллийтина, Шелан кӀоштарчу Эвтарахь йолчу «Горный ключ» лагерехь дӀатарбина уьш.

Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, хьашто мел йерг а, мел оьшург а латтош ду царна цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: