
Вайн республикехь схьайиллина Путин Владимиран харжамийн штаб.
Иза дӀатарйелла Соьлжа-ГӀаларчу Профсоюзийн цӀийнехь.
Штабана куьйгалла деш Кадыров Мохьмад а, Солтагереев Хьусайн а хир ву.
Вайн махкарчу штабехь, Россин регионашкахь йолчу кхечу штабашкахь а санна, Путин Владимиран кандидатура къобалйаран куьйгаш гулдийр ду.
Законан лехамца а догӀуш, 300 000 барамехь хила дезаш ду уьш, хӀора а штабана къастийна леррина барам а болуш.
И болх тӀедогӀучу шеран кхолламан бутт чекхбаллалц дӀахьур болуш бу.
Солтагереев Хьусайна билгалдаккхарехь, Нохчийчохь и болх хенал хьалха чекхбоккхург хиларна цхьа а шеко йац.