Х.Ахмаровн йоьза мидал
ХIокху деношкахь Болгарин пачхьенехь София гIалахь чекхъелира дзюдохула Европехь хьалхеяккхаран чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 41 пачхьалкхера 469 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера дзюдоист Ахмаров Хьамзат а вара.
ДегIан йозалла 55 кийла йолчу категорехь леташ волчу нохчичун шен хьалхарчу тасадаларехь цхьаьнакхета дийзира Великобританерчу дзюдоистаца. Оцу латарехь вайн махкахочо хенал хьалха толам баьккхира. Цул тIаьхьа Израилерчу тIах-аьлла волчу Ахарон Алонца хиллачу къовсамехь ийшира Ахмаров Хьамзат. Ткъа и Ахарон ах-финале валар бахьана долуш, нохчичун йоьза мидал къовса аьтто хилира. Бакъду, чемпионатехь совгIатан меттиг яккха кхин доьазза лата дийзира цуьнан. Оцу тасадаларшкахь толамаш бехира цо.
Къийсадаларшкахь меттиг яккхаро нохчичунна бакъо елла дуьненан хьалхеяккхаран чемпионатехь дакъалаца.
Нохчийн спортсменийн кхиам
Дукха хан йоццуш Тбилиси гIалахь дIаяьхьира панкратионехула йолчу Европин чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Абдулвахабов Iабдул-Iазиз а, Эскиев Iали а вара.
Чемпионатан хьалхарчу дийнахь «семи-контакт» декъехь дегIан йозалла 92 кийла йолчу категорехь хьалхара меттиг яьккхира Эскиев Iалис. ДегIан йозалла 77 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш волу Абдулвахабов Iабдул-Iазиз дукха атта финале велира. Бакъду, коьртачу латарехь ийшира иза.
Иштта, чемпионатан шолгIачу дийнахь «фулл-контакт» декъехь дакъалоцуш хилла волчу I.I.Абдулвахабовс дашо мидал яьккхира. Оцу декъехь леташ а I.Эскиевс мидал йоккхург хиларна цхьа а шеко яцара, амма иза лазорна лата ца велира.
Абдулаев Адам
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо