
Карара шо, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана шен Указехь билгал ма-даккхара, Нохчийн меттан шо ду.
Оцу шеран гурашкахь дуккха а белхаш, гӀуллакхаш дина нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а Ӏалашонца.
Кхузахь билгалйаккха йогӀуш йу Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерство.
Цунна куьйгалла дечу Ибрагимов Ӏийсан дӀадолорца а догӀуш, белхан гӀуллакхца доьзна кехаташ нохчийн маттахь кхехьийтарх пайдаэца йолайелла ведомство.
Цул сов, доларчу хьукматийн цӀераш тӀехь йолу кехаташ а нисдина министерствос.
Иштта, билгалдоккху оцу декъера болх дӀабахьар Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Къоман «Даймохк» газетан редакцин а белхан ламаст хилар.
Кхечу ведомствоша а оцу ламастах масал оьцург хиларца йоьзна йоккха дегайовхо йу.
Делахь а, кхин а хаза болх а бу цуьнан Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос дӀахьош — беттанийн, денойн, дийнатийн, ораматийн и.д.кх.а цӀераш нохчийн маттахь йовзийтаран Ӏалашонца Соьлжа-ГӀалин а, кхийолчу шахьарийн а урамашкахь кегийрхошна дӀасадоькъу хаамийн кехаташ.