
Медицинин реабилитацин а, санаторийн-курортийн дарбадаран а гӀуллакхаллийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс а, Могашалла Ӏалашйаран декъан куратор а йолчу Кадырова Хутмата.
Шен къамелехь цо билгал ма-даккхара, балха тӀехь коьрта ду цомгашчеран гӀайгӀа бар а, церан могашаллаш меттахӀиттор а.
Иштта, шайца болх беш лаккхарчу тӀегӀанера говзанчаш хилар лазархошна хууш а, гуш а хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадырова Хутмата.
Церан могашалла а меттахӀутту, уьш вайна реза а хуьлу цундела.
Цул сов, шен могашалла медицинин реабилитацин а, санаторийн-курортийн дарбадаран а гӀуллакхаллийн белхахойх тешийна лазархо коьрта хилар а билгалдаьккхина цо, и кхетам белхахошка дӀакхачо безаш хиларна тӀе къаьсттина тидам а бохуьйтуш.
Лазархо ву хьалхарчу меттехь! Цуьнца кӀеда-мерза, лараме хила беза белхахой, цуьнан гӀайгӀа беш хила беза. ХӀаъ, Ӏалашо иштта йу.