В.Путинан кандидатура харжамашкахь хилийта оьшуш долу кхаьжнаш гулдаран болх дӀаболийна вайн махкахь

ТӀедогӀучу 2024-чу шеран харжамашкахь Путин Владимиран кандидатура хилийта оьшуш долу кхаьжнаш гулдаран болх дӀаболийна вайн махкахь а.

Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, Гуьмсехь а болх беш йу кхаьжнаш гулдаран туьшаш.

Оцу балхана кечбина жигархой бу цигахь къахьоьгуш.

Вайн махкахь а санна, иштта болх Россин Федерацин кхийолчу субъекташкахь а дӀахьош бу.

Путин Владимиран Нохчийн Республикехь йолу харжамийн штаб Соьлжа-ГӀаларчу Профсоюзийн цӀийнехь дӀатарйелла хилар дагадоуьйту.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: