
Карарчу 2023-чу шарна лерина Республикин телевизионни «Синмехаллаш» фестиваль-къовсам дӀабирзина Соьлжа-ГӀалахь.
Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь хилла и гӀуллакх ВКонтакте чуьрчу шен агӀонехь довзийтина Кадыров Рамзана, толаман меттиг йаьккхинарг Нажи-Йуьртан кӀоштан тоба хилар билгал а доккхуш.
Иштта ду финалан жамӀаш:
1-ра меттиг — Нажи-Йуьртан кӀоштан тоба;
2-гӀа меттиг — Шелан кӀоштан тоба.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах долчу ахчанийн а, кхидолчу а совгӀаташца билгалйаьккхина ший а тоба.