
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.
Царах ду муниципалитеташкахь а, тайп-тайпанчу хьукматашкахь а «Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш дӀадахьар.
РогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу НПУ-н Медицинин факультетехь.
Цигахь дакъалаьцна оцу Институтан нохчийн меттан хьехархочо — «Даймохк» газетан корректора Магомаева Марема а, студенташа а.
Магомаева Марема царна дийцина нохчийн маттаца а, литературица а доьзнарг, ненан мотт Ӏаморехь, Ӏалашбарехь йукъаралло йоху гӀулчаш, йовзийтина «Даймохк» газетан а, нохчийн меттан а, нохчийн къоман а истори.
Иштта, нохчийн журналистикин а, литературин а, къоман йаздархойн а хьокъехь къамелаш а хилла цхьаьнакхетаран дакъалацархойн.