Iийда дийнахь суннат дерш

Iийда ламаз

 

Iийда ламаз дар чIагIдина суннат ду. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) цкъа а даза дитина  дац иза, цул тIаьхьа цуьнан асхьабаша а (Дела резахуьлда царна) даима деш лелийна  ду.

 

Такбир дар (АллахIу Акбар алар)

Iийда буьйсанна, малх чубуьзначул тIаьхьа, Iийда дийнахь имама ламаз дехккалц, цIахь а, некъашкахь а, маьждигашкахь а, базаршкахь а динан Iадат  гучудоккхуш, аз айдеш, «АллахIу Акбар…» бохуш, такбир дар мелехь ду.

Цуьнан юьззина  кеп хIара ю: «АллахIу Акбар, АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, ла иллахIа илла-АллахIув-АллахIу Акбар, АллахIу  Акбару ва ЛиллахIилхьамду».

КхоалгIа «АллахIу Акбару» аьллачул тIаьхьа «Кабийран валхьамду лиллахIи касийран ва СубхьаналлахIи букратан ва асил» юкъадалорца такбир совдаккхар дика лерина  ду.

 

 

Лийчар

Iийда буьйса шолгIачу  декъе яханчул тIаьхьа лийчар мелехь ду. Цул хьалха  лийчар Iийдан ларалуш дац.

Цул сов, рузбана ламазна кечваларх терра, хаза хьожа йолу хIума (IатIар, масала) тохар, керла я цIена бедар юхар мелехь ду. Бедарех гIолехь ерг кIайчу басахь ерг ю.

 

Маьждиге хьалххе дIавахар

Езачу меттигехь Дела хьехоран мел алссам хилийта, хьалххе маьждиге дIавахар дика ду.

Иштта имамана мелехь ду, хьашт болчарна саьхьаш  дIакхачо нахана аьтто хилийта, Iийдан ламаз дехкар тIаьхьатеттар. ГIурбанан Iийд делахь, сагIанаш дахарна сихо хилийта, ламаз  хьалхадаккхар.

 

Рицкъанах кхетар

Iийда ламазе вахале цкъа хIума кхаьллина я хин  къурд бина, рицкъанах кхетар мелехь ду. ГIурбанан Iийда делахь, ламазера юхаверззалц юучух цакхетар мелехь ду.

 

Iийда ламазе воьдуш, цигара вогIуш,

некъ хийцар

Iийда ламазе цхьана новкъа вахар, юхавогIуш кхечу новкъа вар мелехь ду. Бухарис (Дала къинхетам бойла  цунах) дийцинчу хьадисехь хьахийна ду Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) Iийдан дийнахь некъ хийцина хилар. Мел совбаккхар ду цуьнан маьIна. И некъаш Къематан дийнахь теш хIуьттур ду аьлла жайнахь. Рузбане воьдуш санна гIаш а, сих ца луш, паргIат а вахар мелехь ду. Иштта, Iийдан гIиллакхех ду буоберашна а, заьIап нахана а, цомгашчарна а, церан доладеш болчарна а гIодар, сагIа далар, деца-ненаца а, доьзалшца а  комаьрша хилар.

Дагца а, маттаца а Дела хьехор, Къуръан дешар, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар, шайна юкъахь салам даржадар. Вовшийн декъалдар, Дала марханаш къобалдойла, алар. Динах а, гIиллакхах а ца вухуш, самукъадаккха а, забар ян а мегар ду. ХIора къоман шен Iийд (дезде) ду, хIара вайн бусалбанийн Iийд ду. Везачу Дала бусалбанаш декъалбойла цу дезчу денца!

«Даймохк» газетан архивера

 № 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: