«Mahan Air» авиакомпанис схьайеллар тарло ГӀажарийчоьнна а, Нохчийчоьнна а йуккъера авиарейс

ГӀажарийчоьнна а, Нохчийчоьнна а йуккъера авиарейс схьайелла тарло гӀажарийн «Mahan Air» авиакомпанис.

Цуьнан коьртачу директорца Арабнеджад Хьануки Хьамид Хьоссейнаца Соьлжа-ГӀалахь цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима.

Цо билгалдаккхарехь, махлелоран а, экономикин а, культурин а зӀенаш чӀагӀйарна беркате Ӏаткъам бийр болуш гӀулч йу иза.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь тӀе тидам ма-бахийттара, герггарчу хенахь дӀаболор бу авиарейс схьайелла оьшуш долу хьелаш кхолларна лерина болх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: