«Россин халкъийн ассамблейн» семинар-практикумехь — Баширов Сайд-Мохьмад

Москван областерчу Солнечногорск гӀалахь дӀахьош йу Йерригроссин йукъараллин-пачхьалкхан «Россин халкъийн ассамблей» вовшахкхетараллин субъекташкарчу дакъойн куьйгалхошна лерина семинар-практикум.

Цуьнан гурашкахь дийцаре деш ду Россерчу къаьмнийн а, динийн а йукъаметтигашца а, тӀекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорца а, терроризмана а, экстремизмана а профилактика йарца а доьзна гӀуллакхаш.

Нохчийчоьнан цӀарах цигахь дакъалоцуш ву Баширов Сайд-Мохьмад.

Иза, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран гӀовс хилла ца Ӏаш, «Россин халкъийн ассамблейн» Нохчийчуьрчу декъан Урхаллин декъашхо а ву.

Шен къамелехь Баширов Сайд-Мохьмада билгал ма-даккхара, къаьмнийн а, динийн а йукъаметтигашца йоьзна цхьа а конфликт хилла йац Нохчийчохь тӀаьхьарчу 20 шарахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: