
Кхана, гӀуран беттан 17-чохь, А.Айдамировн цӀарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекин Ӏаьнан бешахь историкан, зорбанчин Мурдалов Муслиман кхоллараллин суьйре дӀахьур йу.
Цуьнан гурашкахь йовзуьйтур йу киншкаш, статьяш, зорбанаш.
Цул сов, тидамза дуьтур дац Нохчийн меттан шарна а, Хьехархочун а, хьехамчин а шарна а лерина йукъараллин гӀуллакхалла а.
Вовшахтохархой: Нохчийн Республикин культурин министерство, Россин тӀеман-историн йукъаралла (Нохчийн Республикера дакъа).
Нохчийн Республикин а, нохчийн культурин а историца бала мел берг кхойкху.
Хан: 15 сахьт 00 минот.