Iийда ламаз даран кеп

БисмиллахIиррохьманиррохьийм

image53131543

Рамадан беттан фарз марханаш чекхдевлча, Шаввал беттан хьалхарчу дийнахь ду марха дастаран Iийд.

Доькхуш фарз я Шаввал беттан ялх марха кхаба луучо, Iийда де дIадалийтина долор  ду уьш.

Iийда ламазан хан дIахIутту малх гучубаьллачул тIаьхьа 20–30 минот яьлча, цуьнан хан делкъа ламазан хан хиллалц ерг ю.

Iийда ламазал хьалха а, цул тIаьхьа а деш цхьа а ламаз дац, я моллалла кхайкхар а, я къамат дар а дац. Имама шен къиррат (дешар) гучудоккху цу  Iийда ламазехь.

Бусалба, Шаввал беттан хьалхарчу дийнахь шен Iуьйра ламаз дина, лийчина а волуш, рузбанан ламазе воьдуш кечваларх терра, хаза хьожа йолу хIума а  тоьхна, керла я цIена бедар а юьйхина, маьждиге ваха аравер ву, масех хурма бен яцахь а, хIума  кхаьллина а волуш. ХIорш дерриге а Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатех ду. ТIаккха маьждига чохь Къуръан дешаре ладугIуш я ша доьшуш Iийр ву малх схьакхетталц йолчу хенахь. Малх гучубаьллачул тIаьхьа, сахьтан кхоалгIа дакъа дIадаьлча, масала, малх бIаьргана гуш айбелла хир бу. Цигахь дIайолало Iийда ламазан хан.

ТIаккха имама, хьалха а ваьлла, нахе хIара беркате ламаз дойтур ду. Имамана мелехь ду ламаз дехкале, и муха дан деза нахе дийцар, дукха нах хуьлу иза муха до ца хууш, хатта эхь хеташ, кхачам боллуш ца деш.

Нах могIаршкахь дIахIуьттур бу, могIарш нисдар мелехь ду царна. Цул тIаьхьа имама нийят дийр ду: «Ас нийят ди марха дастаран Iийда ши ракаIат суннат ламаз имам хиллачу хьолехь Далла дан, АллахIу Акбар» аьлла, ламаз доьхкур ду. Цунна тIаьххье  наха а доьхкур ду, имама санна, имам хиллачу хьолехь  ца олуш, имамана тIаьхьахIиттина эр ду цара, тIаккха массара а къайлах «дуIауль-истифтахьа» доIа доьшур ду. «ВажжахIту важхIия» аьлла дерг ду иза.

Цул тIаьхьа имама, ша ламаз доьхкуш аьлларг доцург, кхин а ворхIазза «АллахIу Акбар» эр ду, жамаIато а цунна тIаьххье  иштта эр ду. ХIора такбирехь (АллахIу  Акбар аларехь) имама ламаз доьхкуш айдарх терра ши куьг, шен лергашна дуьхьал нисдеш, хьалаойъур ду, цул тIаьхьа, аьтту куьг тIехула а долуш, некха тIе дохкур ду, цо дийриг тIаьхьахIиттинчара а дийр ду. ТIаккха цара а хIора такбирна а, цунна тIаьхьадогIучунна а юккъехь, къайлаха, «Субхьан-АллахIи, валхьамду лиллахIи, ва ла илахIа илла-АллахIу, в-АллахIу Акбар», эр ду.

 

Ламаз доьхкуш аьлларг доцург, цул тIаьхьа аьлларш дерриге а ворхI такбир хила деза, хIорш дерриге а Фатихьат дешарал хьалха  олуш  а ду.

Цул тIаьхьа хезаш Фатихьат доьшур ду, Фатихьатал тIаьхьа, «Саббихьисма Раббикаль-АIла» сурат дешар мелехь ду, 87-гIаниг ду и, и доцург кхин деша а мегар ду.

Цул тIаьхьа рукуI, ши сужуд дийр ду, кхечу ламазашкахь дарах терра, тIаккха шолгIачу  ракаIатна хьалагIоттур ву, хьалагIоттуш аьлларг доцург, шолгIа  Фатихьат дешале, кхин а пхи такбир дийр ду, хIора такбирна а, цул тIаьхьадогIучунна а юккъехь, хьалха  санна къайлах (Субхьан-АллахIи, валхьамду лиллахIи, ва  ла иллахIа  илла-АллахIу в-АллахIу Акбар) олуш. ТIаккха фатихьатал тIаьхьа. «Халь атака хьадисуль-гIашияхI» дешар мелехь ду, чекхдаллалц, 88-гIа  сурат  ду иза, и доцург деша а мегар ду, цул тIаьхьа рукуI, ши сужуд дина, охьахиъна, «Аттахьияту» доьшур ду. ТIаккха, салам делла, ламаз дерзор ду. Цул тIаьхьа  имама а, жамаIато а «АллахIу  Акбару, АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, ла иллахIа илла-АллахIу в-АллахIу Акбару, АллахIу Акбару ва ЛиллахIил-хьамду», эр ду, иштта хIокху такбирашца ламаз чекхдоккхур ду.

Цул тIаьхьа хатиб (хьехамча) хутIба деша минбар тIе хьалавер ву. Беркате  долчу Iийдан маьIнах дерг дуьйцур ду цо. Бусалбанаш хIокху дезачу дийнахь вовшашна къинтIера бовлуш, зераташ деш, гIийла, къен-мискачарна гIо деш, Далла муьтIахь болуш, дика Iамалш еш хила безаш хиларх эр ду, Iеса хилар, моттаргIанаш лелор, вовшашца  мостагIалла лелор дита дезаш хиларх эр ду, ийман диллинарш вежарий хиларх, бертахь  баха безаш  хиларх эр ду. Иштта ю Исламан лаккхара Iалашонаш. Иштта ду бусалба нехан хаза  гIиллакхаш.

ХутIба чекхдаьлча, имама а, хатиба а, кхиболчу наха а, вовшийн куьг лацарца, саламаш лур ду, дезачу денца вовшийн декъалбийр бу.

Дала бусалба нехан дуьне а, эхарт а тодойла!

Амин валхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: